Ненан мотт- къоман юьхь!!!

22.04.2021

Ненан Мотт❤❤❤❤❤

Доьзалехь бийцар а дастам а хеташ,

Хьуо винчу ненан мотт дIатесна ахь.

"Сов къен бу дешнашна,бац атта кхеташ"!

-Бохуш,и сийсазбан ца хета иэхь.

ЛадогIа цкъа соьга, "хьекъале корта",

ЛадогIа, яккхи дIа лергара потт:

Йистйоцу хIорд санна, бу хьуна шорта

Ша хууш волчунна вайн нохчийн мотт.

ГIиллакхе, оьзда бу доттагIче буьйцуш,

МостагIче вистхуьлуш -- ду ира герз,

Хьомечу езаре безам ахь буьйцуш,

Бека и,шех хуьлий хьан деган мерз!

Мерза бу, моз санна, ша безачунна,

Ламанан шовданал цIена бу и.

Лермонтовс, Толстойс а ладегIна цуьнга,

Услара даггара хестийна и.

БIешараш хийла а ихна и бекаш,

Хьацарлахь, къийсамехь кхиъна и бу.

Кхоьллинчу халкъана хьанала бецаш

Даиман ша хилла нохчийн мотт бу.

Вайн халкъан ойланаш, дахар а гIийла

Далхадеш, къийсамна гIиттина цо.

Нохчочун майралла, оьздалла хийла

Зевнечу иллешкахь екийна цо!

Кхидолчу къаьмнашна шайниш а санна,

Нохчашна шайн ненан мотт хьоме бу.

Нагахь хьо ца вагIахь хьайн халкъацанна,

Хаалахь, декъазниг,- хьо цхьалха ву!